Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ребикхас элира Исхьакхе: «Дуьне ца го суна и хьетахойн зударий бахьана долуш, нагахь Якъуба а кху махкара хьетахойх зуда ялаяхь, сан ялан бен ца деза!» Якъуб шена тІе а кхайкхина, иза декъалвинчул тІаьхьа цунна тІедожийра Исхьакха: «КанаІанхойн зуда хьайна ма ялаелахь. ТІаккха кхийтира Іесав, шайн дена канаІанхойн зударий ца безийла. Іесаван ши зуда яра, амма ИбрахІиман кІант ИсмаьІал волчу а вахана, цуьнан йоІ, Набуятин йиша, Махьалат ялийра цо шена.
Выбор основного перевода