Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас хьох схьадаьлла доккха халкъ кхуллур ду, хьо декъал а вийр ву, хьан цІе а ойур ю, наха а хьан цІарца вовшийн декъалбийр бу. Ибрамна хьалха хІоьттинчу Везачу Эло элира: «ХІара латта Ас хьан тІаьхьенна дІалур ду». Шена веанчу Везачу Элана лерина сагІа доккху меттиг кечйира Ибрама цигахь. Дерриг а хьуна гуш долу хІара латта Ас хьуна а, хьан тІаьхьенашна а гуттаренна а дІалур ду. Цу дийнахь Везачу Эло Ибрамца барт бира: «Аса хьан тІаьхьенна дІалур ду хІара латта Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тІера сийлахьчу Эпрат-хина тІекхаччалц, НегІаб цІе йолчу яьссачу аренгахьа дІа а вахана, Кхадеш-гІалина а, Шур-гІалина а юккъехь ваха хиира ИбрахІим. Цул тІаьхьа ГІарар-гІалахь Іийра иза. «Сайх дуй буу Ас, – боху Везачу Эло, – Сан дуьхьа хьайн цхьаъ бен воцу кІант ца кхоош, ахь иза дина, цундела Ас хьо декъалвийр ву. Стигалахь долу седарчий санна, хІордан берда тІехь йолу гІум санна, дукха тІаьхье лур ю Ас хьуна. Цара шайн мостагІийн гІаланаш схьайохур ю. Хьан тІаьхьенехула дуьнен чуьра дерриг а халкъаш декъала хир ду. И дерриг а хьо Суна муьтІахь хиларна дийр ду Ас хьуна». Со хьоьца ву, Ас Іалашвийр ву хьо, миччанхьа вахача а. ХІокху лаьтта тІе хьо юха схьа а валийна, Айса хьоьга аьлларг кхочушдаллалц, Ас хьо дІатесна вуьтур вац».
Выбор основного перевода