Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ибрамна хьалха хІоьттинчу Везачу Эло элира: «ХІара латта Ас хьан тІаьхьенна дІалур ду». Шена веанчу Везачу Элана лерина сагІа доккху меттиг кечйира Ибрама цигахь. Цигара дІа а вахана, Бетал-гІалина малхбалехьа долчу лаьмнашка велира Ибрам. Цигахь цо шен четар дІахІоттийра. И волчуьра малхбузехьа лаьтташ Бетал-гІала яра, малхбалехьа ГІай-гІала яра. Цу меттехь кхин а цхьа сагІа доккху меттиг а кечйина, Ибрам Везачу Эле кхайкхира. Цигахь хьалха ша сагІа доккху меттиг кечйиначохь Везачу Эле кхайкхира иза. Шен четарш дІа а оьзна, Мамари долахь долчу ножан дезачу дитташна уллохь, Хьеврон-гІалина гена воцуш, ваха охьахиира Ибрам. Цигахь Везачу Элана лерина сагІа доккху меттиг а кечйира цо.
Выбор основного перевода