Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И дерриг а хиллачул тІаьхьа Везачу Элан дош деара Ибрамна, цхьа сурт а хІоьттина. Дала элира: «Ма кхералахь, Ибрам! Со хьо Іалашвен йолу гІап ю. Ас хьуна ден долу совгІат а доккха ду». Гуттаренна а хьан тІаьхьенашна буьсу болу барт бийр бу Аса Сайна а, хьуна а юкъахь: Со хьан а, хьан тІаьхьенийн а Дела хир ву. «Веза Дела, – аьлла, дийхира ялхочо, – Хьо сан элан ИбрахІиман Дела ву, цунах къинхетам а бай, таханлерачу дийнахь цуьнан кІантана зуда каро аьтто бехьа сан! Стигалахь, цу лами тІехула лаьттачу Везачу Эло цуьнга элира: «Со Веза Эла ву, хьан деден ИбрахІиман а, ден Исхьакхан а Дела. ХІинца хьо тІехь Іуьллу латта хьуна а, хьан тІаьхьенна а лур ду Ас. Со хьоьца ву, Ас Іалашвийр ву хьо, миччанхьа вахача а. ХІокху лаьтта тІе хьо юха схьа а валийна, Айса хьоьга аьлларг кхочушдаллалц, Ас хьо дІатесна вуьтур вац». Со хьан ден Дела ву, ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела». Мусас шен юьхь дІакъевлира, хІунда аьлча иза кхоьрура Деле хьажа.
Выбор основного перевода