Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ШолгІачу дийнахь, шена тІевогІу Іийса а гина, Яхьъяс элира: «Хьажал, ХІара Дала, кху дуьненара адамийн къинош тІе а лаьцна, уьш дІадахьа баийтина Іахар бу. ТІехволучу Іийсага а хьаьжна, Яхьъяс элира: «ХІара бу Дала баийтина Іахар». амма цІеначу а, бехк боцучу а Іахаран санна долу, Дала леррина Къобалвинчун деза цІий делла ю. Бийначу Іахаран карахь долчу дахаран тептар тІе шайн цІераш дуьне кхуллуш дуьйна а дІаяздина доцу массо а адамаш цу экханна Іамал еш хир ду.
Выбор основного перевода