Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делан Йозанаша, хиндерг а дуьйцуш, кхечу къаьмнийн халкъаш а церан тешарехула Дала бакъдийриг хиларх лаьцна хаам бинера ИбрахІиме: «Дуьнен чуьра массо а халкъаш а Дала хьоьгахула декъалдийр ду», – аьлла. Ткъа Дала, чІагІо еш, элира Ша ИбрахІимна а, цуьнан тІаьхьенах волчунна а лун дерг. Дацара и аьлла: «тІаьхьенах болчарна» бохург дуккханех лаьцна долуш санна, амма цхьаннах лаьцна долуш санна аьллера, «хьан тІаьхьенах волчунна» аьлла. Иза ву Дала леррина Къобалвинарг. Ткъа пайхамарийн а, Дала шун дайшка динчу весетан а тІаьхьенаш шу ю. Дала аьлла ИбрахІиме: „Хьан тІаьхьенехула декъала хир ду дуьнен чуьра массо а халкъаш“. Ас декъалбийр бу хьо декъалвеш берш, неІалт а эр ду хьуна неІалт кхайкхочарна, дуьнен чуьра массо а халкъ хьоьгахула декъал а дийр ду». Аса ИбрахІим хаьржина, цуьнга весет дайтархьама шен берашка а, тІаьхьенашка а, Везачу Элана ма-лаъара, нийсонца а, хьанал а даха аьлла. ТІаккха Везачу Эло Ша дийр ду аьлларг дерриг а дийр ду цунна». Іуьйранна хьалххе хьала а гІаьттина, шен вираца, Исхьакх а, ши ялхо а эцна, сагІа деш даго дечиг а даьккхина, Дала шега гІо аьллачу метте дІавахара ИбрахІим. Ас иза дийр ду хьан ден ИбрахІиман дуьхьа, хІунда аьлча иза вара Ас аьлларг деш а, Сан хьехамаш а, весеташ а, омранаш а кхочушдеш а».
Выбор основного перевода