Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас алсамйоккхур ю хьан тІаьхье, Лаьтта тІера гІум санна, дукха хир бу уьш. Нагахь санна гІамаран буьртигаш дагарлург хилча, хьан тІаьхьенаш а ягарлур яра. Цул тІаьхьа, Ибрам четар кІелара ара а ваьккхина, элира Цо: «ДІахьажал стигала, дагардел цигара седарчий, хьайга дагардалахь! Оццул дукха хир ю хьан тІаьхье». Ахь аьлла ма ду: „Ас хьан аьтто бийр бу, хІордан гІум санна, ягар ца яллал тІаьхье а кхиор ю“». Ребикха дІайоьдуш цуьнга элира: «Тхан йиша, эзарнаш а, эзарнаш а адамаш схьадовлийла хьох, хьан тІаьхьенаша шайн мостагІийн гІаланаш схьайохийла!» Хьан тІаьхье дебор ю Ас, стигалара седарчий санна. Хьуна а, хьан тІаьхьенна а дІалур ду Ас дерриге а хІара латтанаш. Хьан тІаьхьенехула дуьнен чуьра массо а халкъаш декъала хир ду. Стигалахь долу седарчий санна, хІордан берда тІехь йолу гІум санна, ягар ца яллал дукха тІаьхье лур ю Ас Сан ялхо волчу Даудана а, Суна гІуллакх деш болчу левихошна а“». Цо элира: «Аса хьо декъал а вийр ву, хьуна дуккха а тІаьхье а лур ю».
Выбор основного перевода