Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тешар хиларна, ИбрахІима, ша зийча, сагІа даккха Исхьакх валийна. Шена лур ду аьлларш тІеэцнехь а, шен цхьаъ бен воцу кІант сагІина дІавала резахилла иза. Цу кІантах лаьцна аьлла хилла: «Исхьакхах хир ю хьан тІаьхье». ИбрахІимна дагахь дара, Делан ницкъ бу велларг а денван аьлла – ткъа цо шен кІант веллачуьра санна схьаийцира. Декъалвина ву зенашна садеттарг, хІунда аьлча иза зийначул тІаьхьа, ял санна, хедар доцучу дахаран таж лур ду цунна Ша везачарна иза лур ду аьллачу Везачу Эло.
Выбор основного перевода