Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас иза дийр ду хьан ден ИбрахІиман дуьхьа, хІунда аьлча иза вара Ас аьлларг деш а, Сан хьехамаш а, весеташ а, омранаш а кхочушдеш а». Шамъала цунна жоп делира: «Ахьа доккхуш долу сагІа а, дагош долу бежанаш а деза хета те Везачу Элана, хьо Ша бохург а деш дІахІоттарал? Цуьнга ладугІуш хилар сагІа даккхарал а деза ду, ткъа Цунна муьтІахь хилар уьстагІан махьаран даьттанал а дезах ду, Амма эзарнашкахь кой дайарх я барам боцуш дукха татолашкахь зайтдаьтта Іенадарх там балур буй те Везачу Элана? Сайн дуьххьарлера доьзалхо лой те ас Цунна сайгара даьллачу зуламна тІера, сайн кийрара схьабаьлла стом лой те ас Цунна сайн синан къиношна тІера?» Ва адам! ДІахаийтина-кх хьоьга диканиг хІун ду а, Везачу Эло хьоьга хоттун дерг хІун ду а. Иза ду – нийсонца лелар, тешаме хилар дезар, шен кІезигалла а хууш, хьайн Делаца лелар.
Выбор основного перевода