Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ибраман дезткъе ткъайоьсна шо дара, Везачу Эло, хьалха а хІоьттина, цуьнга аьлча: «Со Нуьцкъала Дела ву, Суна Іамал а е, хьанал ваха, Дерриг а хьуна гуш долу хІара латта Ас хьуна а, хьан тІаьхьенашна а гуттаренна а дІалур ду. Хьо тІевеана лелаш волу КанаІан-мохк берриг а хьуна дІалур бу Аса. И мохк хьуна а, хьан тІаьхьенашна а гуттаренна а дІа а лур бу, церан Дела а хир ву Со». ИбрахІимца Цо бина болу барт, Исхьакхана чІагІо йина долу ваІда. Везачу Эло Мусага элира: «Хьо а, ахьа Мисарара арадаьккхина халкъ а кхузара дІагІо. „Хьан тІаьхьенашна лур ду Ас иза“, – бохуш, ИбрахІимна а, Исхьакхана а, Якъубана а чІагІо йинчу лаьтта тІе гІо хІинца. Везачу Эло Мусага элира: «ХІара ду Ас ИбрахІиме а, Исхьакхе а, Якъубе а церан тІаьхьенашна дІалур ду аьлла латта. И латта Ас хьайн бІаьргашна гайти хьуна, амма цу тІе хьо вер вац».
Выбор основного перевода