Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьуна гІуллакх деш къаьмнаш хуьлийла, хьуна муьтІахь халкъаш хуьлийла! Хьо хьайн вежаршна тІехь олалла деш хир ву, уьш хьуна хьалха охьатаьІна хир бу. Хьуна неІалт кхайкхош верг неІалт хилла хир ву, хьо декъалвеш верг декъала хир ву». Цуьнга ла а дугІуш, Ас мел бохург ахь кхочушдахь, хьан мостагІийн мостагІа хир ву Со, хьуна дуьхьал волчунна дуьхьал а хир ву. Дижина Іуьллучу лоьмах тера ду и халкъ. Хьан доккхур дара иза меттах? Хьо декъалвийриг декъала ву, ткъа хьуна неІалт кхайкхош волчунна неІалт кхайкхор ду!» ИбрахІимах доккха а, нуьцкъала а халкъ схьадер ду, дуьнен чуьра дерриг а халкъаш цуьнгахула декъал а хир ду. Хьан тІаьхьенехула дуьнен чуьра дерриг а халкъаш декъала хир ду. И дерриг а хьо Суна муьтІахь хиларна дийр ду Ас хьуна». Хьан тІаьхье дебор ю Ас, стигалара седарчий санна. Хьуна а, хьан тІаьхьенна а дІалур ду Ас дерриге а хІара латтанаш. Хьан тІаьхьенехула дуьнен чуьра массо а халкъаш декъала хир ду. Лаьттара ченан буьртигаш санна, дукха тІаьхьенаш хир ю хьан, уьш дІасаяьржар ю малхбалехьа а, малхбузехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а. Дуьнен чуьра массо а халкъаш хьоьгахула а, хьан тІаьхьенехула а декъал хир ду. Абаденналц цуьнан цІе йиц ма лойла. Дуьненахь малх мел кхета иза цІеяхана хуьлийла. Цуьнан цІарах халкъаша вовшийн декъалдойла. Царна массарна а иза декъалвина хетийла. Цуьнга ла ца доьгІнарг массо а, шен халкъах дІа а къастийна, хІаллаквийр ву“. Делан Йозанаша, хиндерг а дуьйцуш, кхечу къаьмнийн халкъаш а церан тешарехула Дала бакъдийриг хиларх лаьцна хаам бинера ИбрахІиме: «Дуьнен чуьра массо а халкъаш а Дала хьоьгахула декъалдийр ду», – аьлла.
Выбор основного перевода