Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа, Ибрам четар кІелара ара а ваьккхина, элира Цо: «ДІахьажал стигала, дагардел цигара седарчий, хьайга дагардалахь! Оццул дукха хир ю хьан тІаьхье». «ХІара ду вайшиммо барт барехь Аса тІелоцун дерг: Аса хьо дукхачу къаьмнийн да вийр ву. Аса хьан цІе хуьйцур ю: хьан цІе Ибрам хир яц, ИбрахІим хир ю, хІунда аьлча Аса хьо дуккхачу а къаьмнийн да вийр ву. ИбрахІимах доккха а, нуьцкъала а халкъ схьадер ду, дуьнен чуьра дерриг а халкъаш цуьнгахула декъал а хир ду. цундела Ас хьо декъалвийр ву. Стигалахь долу седарчий санна, хІордан берда тІехь йолу гІум санна, дукха тІаьхье лур ю Ас хьуна. Цара шайн мостагІийн гІаланаш схьайохур ю. Лаьттара ченан буьртигаш санна, дукха тІаьхьенаш хир ю хьан, уьш дІасаяьржар ю малхбалехьа а, малхбузехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а. Дуьнен чуьра массо а халкъаш хьоьгахула а, хьан тІаьхьенехула а декъал хир ду. Ахь аьлла ма ду: „Ас хьан аьтто бийр бу, хІордан гІум санна, ягар ца яллал тІаьхье а кхиор ю“». Дала элира: «Со Нуьцкъала Дела ву. Алссам доьзалхой а хуьлуш, деба. Халкъ а, халкъийн доьзал а, паччахьаш а схьабевр бу хьох. Дала элира: «Со Дела ву, хьан ден Дела. Кхера а ца кхоьруш, Мисар-махка гІо, цигахь Ас хьох доккха халкъ схьадолуьйтур ду. Ахьа хаьржина долчу, дагардина ца валлал дукха долчу Хьан халкъана юкъара Хьан лай ву со.
Выбор основного перевода