Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен тешар хиларна, шена лур ду аьллачу лаьтта тІехь Іийна иза, тІевеана стаг хийрачу махкахь санна. Четарш чохь Іийна иза, цуьнца цхьатерра ваІданех тешна волу Исхьакх а, Якъуб а ма-Іарра. (Уьш Йордан-хина дехьа бу, коьртачу некъана малхбузехьа, МорахІ олучу ножан дитташна уллохь, Іариба-тогІи чохь бехачу канаІанхойн лаьтта тІехь йолчу Галгал-гІалина юххехь.) Іуьйранна сатоссуш Яруб-БаІала (ГадІана) шеца болчу нахаца цхьаьна Хьарод цІе йолчу хьостана уллохь шайн меттамотт дІахІоттийра. Ткъа маданхойн меттамотт царна къилбаседехьа йолчу тогІи чохь лаьтташ бара, МорахІ олучу лома уллохь. арвадихой, цІемархой, хьаматхой. Цул тІаьхьа КанаІанан тІаьхье дІасаяьржира. КанаІанхойн мохк баьржина бара къилбаседехьа йолчу ЦІадан-гІалара дуьйна къилбехьа йолчу ГІарар-гІала тІекхаччалц, ткъа кхузара малхбалехьара Іази-гІалара дуьйна малхбузера Седам а, Іамор а гІаланашна тІекхаччалц, иштта Удам а, ЦІабайма а гІаланашкара дуьйна ЛашаІ-гІала тІекхаччалц.
Выбор основного перевода