Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
НегІаб цІе йолчу яьссачу аренгахьа дІа а вахана, Кхадеш-гІалина а, Шур-гІалина а юккъехь ваха хиира ИбрахІим. Цул тІаьхьа ГІарар-гІалахь Іийра иза. Цигарчу нахе Сарат шен йиша ю элира цо. ГІарар-гІаларчу паччахьо Абу-Малика иза шена хезча, ялхой бахийтира Сарат шена схьаяло. Цкъа буьйсанна Абу-Маликана гІенах веанчу Дала элира: «Хьо валарна кхерам бу, хІунда аьлча ахь схьаялаяйтина зуда марехь ю». Амма Абу-Малик Саратах кхетаза вара, цундела цо элира: «Хьалдолу Эла, со бехке вац. Бехк боцу со а, сан халкъ а хІаллакдийр ду Ахь ткъа? ИбрахІима ша элира соьга: „И зуда сан йиша ю“, – аьлла. Ткъа зудчо а элира: „И стаг сан ваша ву“, – аьлла. Дог а цІена ду сан, куьйгашца хьарамло а ца йина ас». ТІаккха Дала оццу гІенах элира Абу-Малике: «ХІаъ, Суна хаьа, ахь деш дерг цІенчу дагца хиллий. Цундела цу зудчух куьг а тоьхна, Сайна дуьхьал хьоьга къа ца даладайта Ас саций хьо. ИбрахІимна цуьнан зуда дІало, хІунда аьлча иза пайхамар ву, цо хьох лаьцна доІа дича, хьо дийна вуьсур ву. Нагахь ахь Сарат ИбрахІимна юха ца лахь, хьо а, берриг а хьан доьзал а лийр бу». ШолгІачу дийнахь Іуьйранна, хьалххе хьала а гІаьттина, массо а шен ялхо схьакхайкхира Абу-Малика. Цо хилларг дерриг а дийцира царна – ялхой чІогІа кхерабелира. Юха, ИбрахІиме схьа а кхайкхина, элира Абу-Малика: «И хІун ду ахь тхуна динарг? Ас хІун вон динера хьуна? Сан пачхьалкх бехке хуьлуьйтур-кх ахь. Соьца ахь динарг деш ма ца хуьлу». Абу-Малика хаьттира ИбрахІиме: «ХІун дара хьан дагахь ахь иза дечу хенахь?» ТІаккха ИбрахІима элира: «Суна моьттура, кхузахь цхьа а Делах ца кхоьру, Сарат шена йитархьама цхьаммо со вуьйр ву. Иза билггала сан йиша ю, тхан дена кхечу нанас йина йолу, амма ас ялийна сан зуда а ю. Ден цІера дІавигна, дуьнен чухула лела Дала со дІахьажийча, ас элира Сарате: „Цхьа диканиг дехьа сан дуьхьа: вай миччанхьа кхаьчча а, хьо сан йиша ю алахь“». ТІаккха Абу-Малика Сарат юхаелира ИбрахІимна, цул сов цо цунна уьстагІий а, бежанаш а, леш а белира. «Хьажал гонах, хІара дерриг а сан латта ду, хьайна луъучохь Іе», – элира цо ИбрахІиме. Юха Сарате элира: «Ас хьан вешина ИбрахІимна цхьа эзар дато шекхал цІе йолу ахча делла, вайна хилла дегабаам дІабаккхархьама. Хьо массарна а хьалха бехказа ю». ИбрахІима Деле доІа дира, Абу-Маликана а, цуьнан зудчунна а, гІарбашашна а дарба де аьлла. Массарна а дарба а хилла, церан доьзалхой хилира. ХІунда аьлча Сарат бахьана долуш хьалха Абу-Маликан цІийнах болу массо а зударий доьзалхо ца хуьлуьйтуш бинера Везачу Эло.
Выбор основного перевода