Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Нохьа а, цуьнан кІентий а декъалбеш, Дала элира цаьрга: «ТІаьхье стам а луш, деба а дебаш, латта дузийла аш. Ткъа шу деба а деба, шайн тІаьхье стам а е, дІаса а даржа лаьтта тІехь, алссам а довла цу тІехь». Шун терго йийр ю Ас, шу доьбуьйтур ду, дуккха а бераш а хуьлуьйтуш. Вай бинчу барта тІехь Со чІогІа лаьттар ву. Бераш Везачу Элан тІаьхье ю, уьш Цо делла совгІат ду. Ирс долуш ву цаьрца шен Іад-ботт хьалаюьзнарг! Иза юьхьІаьржачу хІуттур вац кевнехь ша мостагІашца къамел дечу хенахь. Зуда маре яхар а, стага зуда ялор а, Дала кхоьллина йолу цхьайолу хІуманаш яар а ца магадо шалхо лелочу оцу наха. Іийсах а тешаш, билггал долу бакъдерг девзинчаьрга, Шена хастамаш а бойтуш, яийтархьама, елла Дала и юург.
Выбор основного перевода