Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Дала элира: «ХІинца адам а Вайх цхьаъ хили, дика а, вон а девзаш. ХІинца, шайн куьйгаш а кховдийна, дахаран дитта тІера стом а баьккхина, иза биина, хедар доцучу дахаре ма кхочийла уьш». ХІара ду Адаман тІаьхьенах хиллачун тептар. Дала адам Шен вастехь кхоьллинера. Цхьана стага адаман цІий Іанийнехь, цуьнан цІий а Іанор ду, цу стага Делан вастехь кхоьллинчуьнан цІий Іанийна дела. Дуьло, охьа а диссина, цара буьйцу мотт дІаэбийр бу вай, уьш вовшаша дуьйцучух а ца кхоьтуьйтуш». Ахь адам олалла дан дІахІоттийна Айхьа кхоьллинчу массо а хІуманна тІехь. Ахь адаман когашка диллина доллу хІума а: уьстагІий а, бежанаш а, иштта акхарой а, стигалара олхазарш а, хІорда чуьра чІерий а, хІорда чохь мел лела садолу хІума а. ДІахаалаш, Веза Эла – Дела вуйла. Вай кхоьллинарг Иза ву, вай Цуьнан долахь а ду. Вай Цуьнан халкъ а ду, Цуьнан дежийлашкара уьстагІий а ду. Юха суна Хьалдолчу Элан аз хезира. Цо бохура: «Мила вахийта Ас? Мила гІур ву Вайн дуьхьа?» ТІаккха ас элира: «Со кийча ву! Со вахийтахьа». Цхьана адамах Цо кхоьллира массо а адамийн халкъаш, уьш массо а Лаьтта тІехь Іайтархьама, хьалххе царна цхьа билггала заманаш а, Іан меттиг а къастийна, ХІунда аьлча „Иза бахьана долуш вай дехаш а, меттахдовлуш а, Іаш а ду“. Шун цхьаболчу байташ язъярхоша аьлла: „Тхо Цуьнан бераш ду“. Иштта, Делан бераш долчу вайна мотта ца оьшу Дела адаман хьекъалца а, говзаллица а кхоьллинчу тІулгах, я деших, я детих тера ву. Керла адам а хилий, дІахІитта. Ша Кхоьллинчун вастехь карладолу и адам, Дела вуьззина вовззалц. Муьлхха а экха а, олхазар а, текхарг а, хІордан дийнат а стага караІамадан тарло (баккъалла а, уьш караІамийна ду). Амма адамашка цхьаьнгге а мотт кара ца Іамало, иза саца ца луш долу вон ду. Мотт Іожаллин дІовшах буьзна бу. Цуьнца Веза Эла а, Да а декъалво вай, цуьнца Делан сибатехь кхоьллинчу адамна неІалт а олу вай.
Выбор основного перевода