Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Де а Хьан ду, буьйса а Хьан ю. Стигалара серлонаш а, малх а Ахь дІахІоттийна. Стигалша Делан сийлалла гойту. Цо динчу гІуллакхех лаьцна дуьйцу цара. Хенан хийцам гайтархьама, Ахьа бутт кхоьллина, ткъа ша маца дІабуза беза хууш болу малх а Ахьа кхоьллина. Иштта боху Везачу Эло: «Кхечу къаьмнийн некъашкахула ма лела, стигаларчу билгалонех а ма кхера, кхин къаьмнаш, уьш бахьана долуш Іадийна делахь а. Аса тамашийна билгалонаш гойтур ю стигалахь а, лаьттахь а: цІий, цІе, кІуьран бІогІамаш. Малхах бода хир бу, баттах цІий хир ду, Везачу Элан де тІекхачале. Иза сийлахь а, къемате а ду. «Цу баланийн денош чекх ма девллинехь, малх кхулур бу, батто а серло лур яц, стигалара седарчий а охьаоьгур ду, стигалийн нуьцкъалалла а леста йолалур ю. «Малха тІехь, батта тІехь, седарчаш тІехь тамашийна билгалонаш гур ю шуна. Ловзабаьллачу хІордан тулгІенийн гІовгІано кхерийна халкъаш дуьнен чохь сингаттамехь хир ду.
Выбор основного перевода