Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мичахь вара хьо, Аюб, Аса латта дІахІоттош? Схьаала Соьга, хьайн кхетам цу хІуманна тІекхиънехь. Мила ву цу лаьттан барам нисбинарг? Хьуна-м хууш ма ду иза! Мила ву цунна тІехула дустаран тІийраг дІасаяржийнарг? Стенна тІе хІоттийна дуьненан бух, хьан биллина цуьнан са нисбеш буьллуш болу тІулг, дерриг а Іуьйренан седарчаша цхьаьна эшарш лекхначу хенахь, стигалара гуламан декъашхой сакъералуш хиллачу хенахь? Юьхьанца Дош дара. И Дош Делехь дара. И Дош Дела дара. И Дош юьхьанца Делехь дара. Дерриг а Дала цу Дашехула кхолла а кхоьллина, И доцуш, кхоьллинчух хІумма а ца кхоьллина. Ахь кхоьллинчу стигалшка со хьалахьаьжча, цу тІехь Ахь шен-шен метте дІахІиттийна буттий, седарчий го суна. Стигалш а, латта а Хьан ду. Дерриг а дуьне а, цунна чохь мел дерг а Ахьа дІахІоттийна ду. Иштта боху, стигал а кхоьллина, иза дІасаяржийначу а, латта а, цунна тІехь долу массо хІума а дІасадаржийначу а, цунна тІехула лелачу адамашна садеІар а, дахар а лучу а Везачу Дала: Хьан ПаргІатдоккхург а, ненан кийрахь долуш дуьйна хьо дІанисдинчу а Везачу Эло иштта боху: «Дерриг а хІума кхоьллина волу Веза Эла ву Со. Ас-Айса дІасаяржийна стигалш, Сайн ницкъаца латта а дІадаржийна. Стигалш кхоьллина волу Веза Эла – Иза билггал Дела ву. Латта а кхоьллина, цунна кеп а елла, иза чІогІа латтийтира Цо. Эрна дитархьама ца кхоьллина Цо иза, тІехь адамаш дахийта иза кхоьллина Цо. Оцу Дала боху: «Со Веза Эла ву, кхин цхьа а дела вац, Со воцург. Дуьне а, цу чохь дерг а кхоьллина волу, стигалан а, лаьттан а Эла волу Дела куьйга динчу цІенош чохь Іаш вац. Стигалшкахь а, лаьттахь а гуш долу а, гуш доцу а массо а хІума Цо кхоьллина ду: стигалийн паччахьаш, я олахой, я хьаькамаш, я куьйгалхой хуьлийла уьш. И дерриг а Цо кхоьллина а ду, Цунна кхоьллина а ду. Кхин а аьлла Дала: «Веза Эла, Ахь юьхьанца латта кхоьллина, Хьайн куьйгашца стигалш йина. Тешар хиларна, вай кхета дуьне Делан дашца кхоьллина хиларх, иштта гуш дерг цагучух схьадаьлла хиларх. «Хьакъ долуш ву Хьо, тхан Веза Эла волу Дела, сийлалла а, ларам а, ницкъ а дІаэца. ХІунда аьлча Ахь кхоьллина ду дерриг а. И дерриг а Хьан лаамца долуш а ду, кхоьллина а ду».
Выбор основного перевода