Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стаггий, зудий кхоьллинера Цо. Уьш декъал а бина, Ша уьш кхоьллинчу дийнахь царех «адамаш» элира Дала. Аша-м хаттар до: «ХІун бахьанина?», – бохуш. И дера ду, къона волуш хьайна ялийначу зудчуьнца ахьа барт беш Веза Эла теш хилла дела. Ахь цу зудчунна ямартло йина, иза хьайн накъост а, бакъйолу зуда а йоллушехь. Шегахь оьздангалла йолчу цхьаммо а и саннарг ца лелийна, хІунда аьлча Делан халкъана юкъахь хиндолу бераш хІоранна а хила ма лаьа. Цундела лар а лолаш, цхьаммо а ямартлонаш а ма лелаелаш шен къоналлехь хиллачу зудчунна дуьхьал. Іийсас жоп делира: «Аша ца дешна Кхоьллинчо и шиъ юьхьанца стаггий, зудий кхоьллина хиларх лаьцна? Амма Дала дуьне кхуллучу хенахь, „Цо и шиъ стаггий, зудий кхоьллина“. Цхьана агІор боьршачу стага шен коьрта тІе хІума тилла ца еза, ша Делан васт а, Цуьнан сийлалла а йолу дела. Вукху агІор зуда шен майрачун сийлалла ю. Билггал нийса а долуш, цІена а долуш, Делах тера кхоьллина долу керла адам а хилий, дІахІитта. Керла адам а хилий, дІахІитта. Ша Кхоьллинчун вастехь карладолу и адам, Дела вуьззина вовззалц.
Выбор основного перевода