Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан ялхоша, хьуна оьшшучул Ливанун-хьун а хьаькхна, и дечиг хІордахула, машшашца цхьаьна а дихкина, Яппи-гІала дІакхачор ду, ткъа ахьа иза Ярушалайме дІахьур ду». Цул тІаьхьа йийсарера юхабирзинчара тІулг боккхуш болчарна а, дечиг-пхьерашна а ахча лора, ткъа цІаданхошний, цорахошний даа-мала а, зайтдаьтта а лора, цаьрга хІорда тІехула Ливанунера Яппе кхаччалц баганан дитташ дІадахьийта. Парсихойн паччахь волчу Къуреша царна цу тІехь пурба деллера. ЯхІуд-мохк а, Исраил-мохк а хьоьца мах лелош бара, хьан сурсаташна дуьхьал Минитара кІа а, сегІаз а, моз а, даьтта а, хьакхарш а лора цара. ХІарод Цорарчу а, ЦІаданарчу а нахаца барт ийгІина вара. И нах цуьнга шаьш тІеэцийта лууш бара. Паччахьан цІентІехь куьйгалхо волу Балсат цІе йолу цхьа стаг бертавалийра цара шайна гІоьнна. Цу наха машар бийхира, хІунда аьлча ХІародан пачхьалкхера чудахьаш дара царна доу хІума.
Выбор основного перевода