Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цора-гІалара паччахьо Хьирама Дауд волчу геланчаш бахкийтира. Цара баганан дечиган дитташ а деара, шайца тІулган а, дечиган а пхьераш а балийра. Цара Даудана цІенош дира. Иштта Хьирам-паччахьо, шега Сулим-паччахьо ма-деххара, баганан дечиг а, зоьзан дечиг а латтайора. И дитташ а, тІулгаш а хьакха а хьокхуш, кечдеш бара Сулим-паччахьан а, Хьирам-паччахьан а белхалой а, Гебал-гІалара пхьераш а. Кхаа шарахь кечдира цара уьш, Делан цІа дІахІотторхьама. Цора-гІаларчу паччахьна Хьирамана тІе нах бахийтира Сулим-паччахьо, цуьнга дІаалийта: «Ахьа сан дена Даудана чохь Іан паччахьан цІа дечу хенахь, баганан дечиг а духкуш, гІуллакх дина ма-хиллара, суна а гІо дехьа.
Выбор основного перевода