Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цора-гІаларчу паччахьна Хьирамана тІе нах бахийтира Сулим-паччахьо, цуьнга дІаалийта: «Ахьа сан дена Даудана чохь Іан паччахьан цІа дечу хенахь, баганан дечиг а духкуш, гІуллакх дина ма-хиллара, суна а гІо дехьа. Аса хІинца сайн Везачу Делан цІе язъян лерина долу цІа дан долош ду. И цІа аса дІакъастор ду, цигахь Цунна лерина хаза хьожа йогІу хІуманаш ягаяйтархьама а, даздина баьпкаш шен рожехь дІахІиттадайтархьама а, хІора Іуьйранна а, суьйранна а, иштта шоьтан дийнахь а, керла бутт болалуш дезачу деношкахь а, тхан Везачу Далла лерина долчу къастийначу дезачу деношкахь а дийнаташ дагоран сагІанаш дахийтархьама а. Иза иштта гуттаренна а тІедиллинера Дала Исраилан халкъана. Аса ден долу цІа доккха хир ду, хІунда аьлча тхан Дела массо деланел а воккха ву. Иза-х стигалшна – ур-атталла уггар лекхачу стигалшна а чу ца тарваллал ву. Цхьаннан а ницкъ кхочур буй те Цунна цІа дан? Со мила вара, Цо Шен цІа дан пурба суна даллал? И цІа – Цунна лерина сагІа доккху меттиг бен хир ма яц! Ткъа хІинца цхьа говза пхьар ваийтахьа со волчу. Деших а, детих а, цІастанах а, эчигах а хІуманаш ян а хууш, иштта таьІна цІечу а, цІарула-цІечу а, сийначу а басахь долчу тех хІуманаш ян хууш а, хадорца хІуманашна куьцаш деш волу стаг хила веза иза. Сан дас Дауда ЯхІуд-махкахь а, Ярушалайм-гІалахь а къобалбина хиллачу говзанчашца цхьаьна белхаш бийр бара цо. Баганан а, зоьзан а дечиг а, Ливанун-махкара цІен дечиг а даийтахьара ахьа, хІунда аьлча суна хаьа, хьан белхалой Ливанун-хьун хьакха говзалла йолуш буйла. Сан белхалоша хьайчаьрца цхьаьна болх бийр бара, кеч а дина, алссам дечиг суна охьадиллийтархьама. ХІунда аьлча аса деш долу цІа доккха а, исбаьхьа а ду. Аса хьан хьун хьокхучарна кхача латтор бу: бІе эзар гали кІа а, бІе эзар гали мукх а, ткъа эзар черма чагІар а, ткъа эзар черма зайтдаьтта а». Цора-гІалин паччахьо Хьирама, Сулиме жоп а луш, кехат яздира. Цо бохура: «Шен халкъе болчу безамна Везачу Эло цунна тІехь хьо паччахь дІахІоттийна». Хьирама кхин а элира: «Декъала ву стигала а, латта а кхоьллина волу Исраилан Дела волу Веза Эла! Везачу Элана лерина цІа а, шена паччахьан цІа а дан воллуш волу, хаарш а, кхетам а болуш волу хьекъале кІант Дауд-паччахьна веллера Цо. Хьекъал а долуш, говза стаг волу Хьирам-Аби-ЯхІу воуьйту аса хьо волчу. Иза Данан тІаьхьенах йолчу зудчун кІант ву. Цуьнан да цорахо ву. Деших а, детих а, цІастанах а, эчигах а, тІулгах а, дечигах а, таьІна цІечу а, цІарула-цІечу а, сийначу а басахь долчу тех а, дуткъачу кІадих а хІуманаш ян а, хадорца хІуманашна тайп-тайпана куьцаш дан говзалла а ю цуьнан. Шега делла муьлхха а суртдаран гІуллакх кхочушдан тарлур ду цунна. Шена тІедиллинарг дерриг а кхочушдийр ду цо хьан а, сан олахо волчу хьан ден Даудан а говзанчашца цхьаьна. Ткъа хІинца, сан олахо, айхьа доуьйтур ду аьлла кІа а, мукх а, зайтдаьтта а, чагІар а даийтахьа хьайн ялхой долчу тхуна. Сан ялхоша, хьуна оьшшучул Ливанун-хьун а хьаькхна, и дечиг хІордахула, машшашца цхьаьна а дихкина, Яппи-гІала дІакхачор ду, ткъа ахьа иза Ярушалайме дІахьур ду».
Выбор основного перевода