Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилан халкъ доцург кхин адамаш а дара цигахь. Уьш дара эмархойн а, хьетахойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а тІаьхьенех дисна адамаш, исраилхоша хІаллак ца деш дитина долу. Царах Сулим-паччахьо белхаш беш болу леш бинера. Уьш хІинца а тахханалц леш бу. Ткъа исраилхойх Сулим-паччахьо леш ца бора. Уьш я паччахьан тІемалой, я тІеман хьаькамаш, я тІеман коьрта хьаькамаш, я гІудалкхийн а, дошлойн а эскарш карахь долуш баьччанаш бара. Шен дас Дауда доьзалийн цІераш дІаязъечу тептар тІе тІаьхьа Исраилан махка цу хенахь тІебаьхкина хилла болу берриг а нах дІаязбайтира Сулима. Уьш цхьа бІе шовзткъе кхойтта эзар ялх бІе стаг вара. Царах кхузткъе итт эзар кира лелорхо а, везткъа эзар лаьмнашкара тІулг баккхархо а, и халкъ балхана тІедерзадайта кхо эзар ялх бІе тІехьожуш волу стаг а билгалваьккхира Сулима.
Выбор основного перевода