Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сулим-паччахьан олаллехь дара Эпрат-хина малхбузехьара агІор болчу Тапсахь-гІалара дуьйна Іази-гІала кхаччалц долу мехкаш. Оцу Эпрат-хина сехьа агІор долчу мехкашкара паччахьашна а тІехь олалла деш вара Сулим-паччахь. Гонах долчу кхечу дерриг а мехкашца а машарехь Іаш вара Сулим-паччахь. Хьан кІант хир ву. Иза машаре хир ву. Массо а гонах болчу мостагІашкахьара синтем лур бу Аса цунна, цундела цуьнан цІе Сулим хир ю. Цо паччахьалла дийр долчу заманчохь Исраил-махкана машар а, синтем а лур бу Аса.
Выбор основного перевода