Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаула шен ялхочуьнга элира: «Ваха-м гІур вара вайшиъ иза волчу, амма цунна яхьа хІума ма яц: тІоьрмаг чуьра бепиг а кхачийна, цунна дала цхьа а тайпа совгІат а дац вайгахь. Цу Делан стагана вай хІун лур ю?» Ялхочо цунна жоп делира: «Соьгахь шекхалан доьалгІа дакъа хиллал дети ду. Иза аса цунна дІалур ду, ткъа цо вайшиъ нийсачу новкъа воккхур ву». НаІаман, шеца хилла болу нах а балош, ЭлишаІ волчу юхавеара. Цо, пайхамарна хьалха дІа а хІоьттина, элира: «ХІинца хиъна суна хІокху дуьнен чохь, Исраилан халкъан Дела воцург, кхин дела воцийла. ДІаэцахьа хьайн лай волчуьнгара хІара совгІат».
Выбор основного перевода