Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу гІуллакхо халкъе къинош летадойтура. Ур-атталла Дан-гІала а оьхура нах оцу шаьш динчу эсашна Іибадат дан. Цундела Аса ЯрбаІаман цІенна тІе бохам боуьйтур бу. ЯрбаІаман цІентІера хІора боьрша стаг – чувоьллина я маьрша иза велахь а – хІаллаквийр ву Аса. Чим ца буьтуш, ягийна кхелли санна, дамардарц дина дІадоккхур ду Аса ЯрбаІаман цІа. Везачу Эло исраилхой Даудан цІийнах дІакъастийча, НабатІан кІант ЯрбаІам шайн паччахь дІахІоттийра цара. Ткъа ЯрбаІама, исраилхой Везачу Элах дІа а берзийна, доккха къа латадайтира цаьрга.
Выбор основного перевода