Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элан омрица оцу стага сагІа доккхучу кхерче элира: «Ва сагІа доккху кхерч! Везачу Эло хІара боху: „Даудан цІийнах кІант вер ву, Юши-ЯхІу цІе йолу. СагІа доккхучу гунаш тІехь гІуллакх а деш, цигахь сагІанаш доху динан дай, байа а байина, хьуна тІехь сагІина бахьар бу цо, хьуна тІехь адамийн даьІахкаш ягор ю“». Іумарис Шамран лам ийцира Шамрера, ши гали дато ахча а делла. Оцу гу тІехь гІала йира Іумарис. Цунах Шамран-гІала элира цо, и лам долахь хиллачу Шамрин цІарах. Юши-ЯхІу-паччахьна, дІахьаьжча, оцу лома тІехь къуббанаш гира. Цо, нах а бахийтина, цигара даьІахкаш схьаяийтира. ТІаккха и даьІахкаш оцу сагІа доккхучу кхерча тІехь ягаяйтира, и кхерч сийсазбаккхархьама. Иштта кхочушхилира Везачу Элан дош. Делан стага хаам бинера, иштта хир ду аьлла, ЯрбаІам-паччахь дезачу деношкахь кхерчана хьалха лаьттачу хенахь. Юши-ЯхІу-паччахьна, дІахьаьжча, и гІуллакх хир ду аьллачу пайхамаран къубба гира. Цо хаьттира: «И хІун чурт ду суна гуш дерг?» Цу гІаларчу бахархоша жоп делира цуьнга: «ЯхІуд-махкара вогІуш хиллачу Делан стеган къубба ю иза. Ткъа цо яханчу заманахь ахьа хІинца Бетал-гІалин сагІа доккхучу кхерчана дуьхьал динарг аьллера». Юши-ЯхІу-паччахьо элира: «Меттах ма ваккха иза, цуьнан даьІахкаш цхьаммо а ма хьае». ТІаккха цара меттах ца ехира цу стеган а, Шамран-махкара вогІуш хиллачу пайхамаран а даьІахкаш. Иштта, Юши-ЯхІу-паччахьо Шамран-махкарчу гІаланашкахь сагІа доккхучу гунаш тІехь дІахІиттийна цІу-деланийн цІенош а дохадайтира. Веза Эла чІогІа оьгІазвахнера цу кеппара долу цІенош исраилхойн паччахьаша дІахІиттадарна. Ша Бетал-гІалахь диннарг оцу гунаш тІехь йолчу сагІа доккхучу меттигашна а дира Юши-ЯхІу-паччахьо.
Выбор основного перевода