Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта кхин а Юши-ЯхІу-паччахьо бохийна дІабаьккхира Бетал-гІалахь болу сагІа доккху кхерч. Исраилхошка къинош летадайтинчу НабатІан кІанта ЯрбаІама цигахь, сагІа доккхучу гу тІехь, дІахІоттийна хилла и кхерч. Цигахь мел йолу хІума ягийна дІаяккхийтира цо, Ашера-харцдалла лерина болу бІогІам а тІехь. Йисина хІуманаш ата а аьтта, царах чан яйтира паччахьо. Юши-ЯхІу-паччахьна, дІахьаьжча, оцу лома тІехь къуббанаш гира. Цо, нах а бахийтина, цигара даьІахкаш схьаяийтира. ТІаккха и даьІахкаш оцу сагІа доккхучу кхерча тІехь ягаяйтира, и кхерч сийсазбаккхархьама. Иштта кхочушхилира Везачу Элан дош. Делан стага хаам бинера, иштта хир ду аьлла, ЯрбаІам-паччахь дезачу деношкахь кхерчана хьалха лаьттачу хенахь. Юши-ЯхІу-паччахьна, дІахьаьжча, и гІуллакх хир ду аьллачу пайхамаран къубба гира.
Выбор основного перевода