Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шеран борхІалгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь ЯхІуд-махкахь даздеш хиллачу кепара деза де билгалдаьккхира цо. Оцу дезачу дийнахь сагІа доккхучу кхерчана тІехь сагІанаш дохура цо. Изза дира цо Бетал-гІалахь а, деших ша динчу эсашна сагІанаш а дохуш. Бетал-гІалахь ша динчу сагІа доккхучу гунаш тІехь гІуллакх деш динан дай дІахІиттийра цо. Шеран борхІалгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь, ша билгалбаьккхинчу баттахь, исраилхошна ша хІоттийначу дезачу дийнахь, ша дІахІоттийначу сагІа доккхучу кхерчана тІе вахара иза, цигахь дийнаташ дагоран сагІанаш дахархьама. Цо хаьттира: «И хІун чурт ду суна гуш дерг?» Цу гІаларчу бахархоша жоп делира цуьнга: «ЯхІуд-махкара вогІуш хиллачу Делан стеган къубба ю иза. Ткъа цо яханчу заманахь ахьа хІинца Бетал-гІалин сагІа доккхучу кхерчана дуьхьал динарг аьллера».
Выбор основного перевода