Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
3. Иоанна
1
Параллельные места
Цомгуш берш тобе, белларш денбе, чкъураца ца йоьрзу чевнаш ерш лазарх цІанбе, харц жинаш дІалелхаде. Маьхза карадеанарг мах боцуш дІало. Векалш кхеташонера арабевлира, Іийсан дуьхьа шаьш сийсазбан хьакъ хиларна баккхий а беш. Со шуьца волчу хенахь цкъа а цхьаннан а ахча а, деза духар а ца дезна суна. Сайн ницкъ ма-кхоччу, ас шуна гайтина, ас санна, аша а къахьегарца гІийлачарна гІо дан дезар. Дагахь латто деза Везачу Элан Іийсан дешнаш: „ХІума дІадаларехь ирс алсам ду схьаэцарехь чул“». Кхечеран а шуна юкъахь иштта бакъонаш хилча, ткъа тхан церан чул а сов яц и бакъонаш? Амма оха, мелхо а, тхайн оцу бакъонашка а ца хьоьжуш, тхайна тІе мел деанарг лов, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна болу хаза кхаъ дІакхайкхош, тхайгахьара цхьа а новкъарло ца хилийтархьама. Амма аса-м цу бакъонех цхьа а сайн дуьхьа аьлла схьа ца эцна. Сайн бала а кхаьчна, и бакъонаш сайна оьшучунна хилийтархьама яздина дац аса хІара дешнаш. Суна валар а гІолехь ду-кх, сан и дозалла дан йиш хилар цхьаммо соьгара дІадоккхучул. Ткъа сан совгІат муьлха ду? Айса хаза кхаъ дІакхайкхабарна дуьхьал хІумма а ца дехар. Цу тайпана, айса хаза кхаъ кхайкхочу гІуллакх тІехь сайна йогІуш йолчу бакъонех цхьа а ца лелийна аса.
3. Иоанна
1
Выбор основного перевода