Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
3. Иоанна
1
Параллельные места
qac Сqac*овдоккхуш дикалла, зулам дарх дІаверзалахь – лаьтта тІехь гуттаренна а вехар ву хьо. Шун безам даггара хуьлийла. Вониг ма дезалаш, ткъа диканиг ларделаш. Вочунах дІавирзина, диканиг дойла цо, машар лохийла, цуьнгахьа къуьйсуш. Хьан дийр ду шуна зен, шу диканиг дан гІерташ хилча? Нагахь шайна Иза Делан лаамехь Верг вуй хууш хилча, хаалаш, хІора Делан лаамехь лелаш верг Делах схьаваьлла вуйла а. Цуьнца волчо цхьаммо а къа ца латадо. Ткъа къа латош болчех цхьанна а Иза ган а ца гина, Иза вовза а ца вевзина. Делах схьаваьлла волчо цхьаммо а къа ца латадо, Делан хІух схьа а ваьлла, шен амал Цуьнан амалх тера йолу дела. Ткъа ша Делах схьаваьлла хиларна, цуьнга къа ца латало. Делан бераш а, иблисан бераш а вовшах иштта къастало. Делан лаамехь мел воцург а, шен динан ваша цавезарг а Делан бер дац.
3. Иоанна
1
Выбор основного перевода