Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
3. Иоанна
1
Параллельные места
Маршалла доуьйту шуьга со а, ерриг а динан тоба а комаьрша тІеоьцуш волчу Гаяса. Маршалла доуьйту шуьга гІалин ахча лардеш волчу Арсатис а, динан вашас Кавартис а. [25] Дала леррина къобалвинчу Іийсах лаьцна Ас кхайкхош болчу хазачу кхоэхула Дела ницкъ болуш ву шайн тешар тІехь шу чІагІдан. БІешерашкахь дуьйна дІакъевлина долчу бакъдолчуьнца цхьаьнабогІуш бу и хаза кхаъ. [26] И бакъдерг хІинца гучудаьккхина пайхамарийн тептаршкахула. Даима а волуш волчу Делан омрица и къайле дІакхайкхийна массо а халкъашна, Дала леррина къобалвинчу Іийсах уьш тешийтархьама. [27] Абаденналц хастам хуьлийла цхьаъ бен воцучу, хьекъалечу Далла Цо леррина къобалвинчу Іийсагахула! Амин. Тхьамда волчу аса яздо хаьржина зуда йолчу хьоьга а, хьан берашка а. Суна шу баккъал а деза, ткъа суна дезна а ца Іаш, билггал долу бакъдерг девзинчу массарна а дезаш ду шу.
3. Иоанна
1
Выбор основного перевода