Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
3. Иоанна
1
Параллельные места
Паччахьо цаьрга эр ду: „Аса баккъалла а боху шуьга: гІо оьшучохь хІокху Сан вежаршна, царах уггар ледара волчунна а, аша мел динарг Сан дуьхьа дина ду шуна“. Іийсах тешачийн тобано и гІуллакх тІе а диллина, дІабоьлху уьш новкъахь, Пиникехь а, Шамран-махкахь а, севцира. Цигахь цара кхечу къаьмнех нах Далла тІеберзарх лаьцна дуьйцура. Оцу хаамо массо а Іийсах тешачунна хазахетар дахьара. со шу долчу ван ойла йолуш ву, Испани-махка новкъа а волуш. Сан дегайовхо ю, цига а воьдуш, шу долчу хьошалгІа кхача. Хазахетарца ас шуьца жимма хан яьккхинчул тІаьхьа, суна новкъа вала гІо дан тарло аша. Иза иштта хилча, суна, шу долчу а веана, шу гича, я кхечанхьа а волуш, шух лаьцна иштта хезар ду: уьш цхьаалла а йолуш, берриш а цхьаъ санна, хазачу кхоаца цхьаьнадогІучу тешарна къахьоьгуш бу. Іедал девзаш волу Зину а, Апа-Леса а дика леррина новкъа ваккхалахь. Царна оьшучу цхьанна а хІуманна тІехь ледарло ма елахь.
3. Иоанна
1
Выбор основного перевода