Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
3. Иоанна
1
Параллельные места
Хьан безам сан бІаьргашна хьалха ма бу, Хьан билггал бакъдолчуьнца со лелаш ма ву. Суна чІогІа хазахийтира, вайга стигаларчу Дас весет ма-дарра, хьан берех цхьадерш билггал бакъдолчуьнца лелаш хилар. Сан хьоме доттагІа, динан вежаршна дечу гІуллакхашна тІехь хьо чІогІа тешаме ву, уьш хьайна бевзаш а боццушехь! Цундела со шу долчу веача, аса динан тобане ма-дарра дІадуьйцур ду Дайтарпана лелочух лаьцна. Цо тхох лаьцна харцдерг дуьйцу, ткъа, иза дина а ца Іаш, тхан динан вежарий тІе а ца оьцу цо. Иштта цо новкъарло йо оцу тобанехь болу и динан вежарий тІеэца лууш болчарна а. Цо уьш динан тобанна юкъара дІа а боху.
3. Иоанна
1
Выбор основного перевода