Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Берриге а исраилхошна хьехамаш беш болчу а, Везачу Элана дІакъастийна болчу а левихошка паччахьо элира: «Исраилхойн паччахь хиллачу Даудан кІанта Сулима дІахІоттийначу Везачу Элан цІа чохь охьахІоттаде Делан деза тІорказ. ХІинца дуьйна иза дІа а, схьа а лело дезар дац аша. ХІинца дуьйна вайн Везачу Далла а, Цуьнан халкъ долчу Исраилан халкъана а гІуллакх де аша. Ткъа ахь, Іезар, хьан Дала хьуна деллачу хьекъалца куьйгалхой а, кхелахой а дІахІиттабе. Уьш Эпрат-хил дехьа малхбузехьа болчу а, хьан Дала беллачу товрат-хьехамашца бехаш болчу а нахана тІехь куьйгалла деш хир бу. Ткъа и товрат-хьехамаш ца хууш болчарна Іамабе уьш. Дуккха а йолчу хенахь бакъволу Дела а, хьехарш деш волу динан да а, товрат-хьехам а боцуш бехаш бара исраилхой.
Выбор основного перевода