Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан мостагІий эшо хьуна гІо динчу Веза Воккхачу Далла хастам бер вай». ТІамехь даьккхинчух уьтталгІа дакъа Малки-ЦІадакъина дІаделира Ибрама. Таххана Везачу Эло хьо сан кара схьалур ву, ткъа аса хьо вуьйр ву. Аса хьан корта схьабоккхур бу, ткъа пІелаштамхойн эскархойн декъий стигаларчу олхазаршна а, лаьттахь лелаш долчу акхарошна а дІалур ду. Дерриг а дуьненна дІахуур ду Исраилан махкахь Дела вуйла. Дауд шена гича, АбигІал, сихха вирана тІера охьа а йоьссина, Даудана хьалха гора юьйжира, лаьтта кхаччалц шен корта охьа а таІош. ТакхоІ-гІалара хьекъал долу зуда паччахь волчу чоьхьаелира. Цунна хьалха корта лаьтта кхаччалц охьатаьІира иза. Зудчо элира: «ГІо дехьа суна, паччахь!»
Выбор основного перевода