Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Абушалам ведда дІавахнера. ГІалин ков тергалдечу жимачу кІантана гира Хьоронаймерачу некъа тІехула лам тІера охьабуьссуш дукха нах. ТІаккха кІанта, ваха а вахана, паччахье элира: «Суна гира Хьоронаймера некъа тІехула лам тІера охьабогІу дукха нах». Паччахь, хьала а гІаьттина, кевнна хьалха охьахиира. Эскаре и хаам дІакхаьчначул тІаьхьа, дерриг а эскар шайн паччахь волчу схьагулделира. Ткъа исраилхой шайн-шайн цІа дІабевддера. ИзраІал-гІалин бІов тІехь лаьтташ гІарол вара. Цунна ЯхІуца йогІу эскаран арданг гира. Цо хаам бира: «ЙогІу цхьа арданг го суна», – аьлла. Йорама элира: «Цхьа бере а къаставой, иза царна дуьхьалвахийта, хаттар а дойтуш: „Машарца догІий шу?“»
Выбор основного перевода