Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іаханна а, цуьнан доьзална а тІехь тІулгех боккха барз бира наха. И барз тахана а лаьтташ бу. Цул тІаьхьа Везачу Элан оьгІазалла яйъелира. Тахана а цу меттигах Іахур-тогІи олу. ГІай-гІалин паччахь, дитта тІе хьала а оьллина, сарралц кхазийтира ЮшаІа. Малх чубузучу хенахь паччахьан дакъа, дитта тІера охьа а даккхийтина, гІалин кевне охьакхоссийтира цо. Цул тІаьхьа, докъана тІе тІулгаш а кхиссийтина, йоккха оьла яйтира. Иза хІинца а йолуш ю. Паччахь, хьала а гІаьттина, кевнна хьалха охьахиира. Эскаре и хаам дІакхаьчначул тІаьхьа, дерриг а эскар шайн паччахь волчу схьагулделира. Ткъа исраилхой шайн-шайн цІа дІабевддера.
Выбор основного перевода