Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
«ДІаала исраилхошка, Суна совгІаташ да алий. Даггара сагІа дала лууш лелачу хІора стагера Суна лерина совгІаташ схьаэца. Нагахь санна шун Везачу Дала шуна схьалуш долчу лаьтта тІерачу цхьана гІалахь шун къомах болчарах цхьаъ къен хилахь, варелаш, шайн дегнаш чІагІ а ма делаш, шайн куьйгаш а ма дехкалаш къечунна гІо дан. ПаргІат юхалург ло цунна, шайн дегнаш чохь яппарш а ца еш. Аш иштта делча, шун Везачу Дала шун массо а гІуллакхашна тІехь а, шун куьйгаша мел дечунна тІехь а шу декъалдийр ду. Уллорачун догъэца похІма хьан делахь – догъэца. Хьайн йолчу хІуманийн кхечаьрца дакъа дан похІма хьан делахь, уьш комаьрша дІасаекъа. Куьйгалла дан похІма хьан делахь, доггах куьйгалла де. Къинхетам баран похІма хьан делахь, иза а хазахетарца де. Шаьш баккхий баланаш хьоьгуш боллушехь, цу тобанийн доккха хазахетар а, йоккха къоьлла а хьалдолчу комаьршалле делира. Нагахь цхьаъ шен хІума дІадала доггах лаам болуш велахь, Дала иза, цуьнан дала йолчу тароне хьаьжжина, тІеоьцур ду, дала таро йоцург ца хьехош.
Выбор основного перевода