Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Іийсас иштта жоп делира цуьнга: «Дала дина дика а хьайна довзахьара, хьайга хи доьхург мила ву а хаьахьара, ахь-айхьа доьхур дара Цуьнга хи. Ткъа Цо хьуна „дийна долу хи“ лур дара». Делан дика зуламах тера дац. Нагахь санна, цхьана адамо дина зулам бахьана долуш, дуккха а адамаш хІаллакьхуьлуш хилча, тІаккха муххале а Делан шорта долу дика, Цо цхьана адамехула – Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула – маьхза луш долу совгІат дуккха а адамна кхочур ду! Дала делла хІара совгІат цхьана адамо латийначу къинах тера дац. ХІунда аьлча цхьана адамо динчу зуламна йинчу кхело таІзар хилийтина, ткъа дуккха а къинош латорна Дала динчу дикано адамаш Цунна хьалха бакъдар хилийтина. Амма Далла баркаллаш бохийла вай! Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вайна тІехь толам а баьккхина, муьлххачу хенахь а вай толаман тобанехь лоьлуьйту Цо. Дала леррина Къобалвинарг вовзаран хаза хьожа вайгахула массанхьа а дІасаяржайо Цо. Тхуна санна, Титин даг чу а шуна гІо дан лаам тесна волчу Далла баркалла боху оха.
Выбор основного перевода