Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Доьху хьоьга, дІаэца соьгара и совгІаташ, хІунда аьлча, Дела соьца дика а хилла, оьшург дерриг а сан долуш ду». Якъуба чІогІа дехарна Іесава схьаийцира цуьнан совгІаташ. ХІара совгІаташ хьан лай йолчу аса сайн олахочунна деана ду, цунна гІуллакх деш лелаш болчу кегийчу нахана дІадала. ТІаккха шу долчу веанчу цхьанненгахула а сайна пайда ийцирий те аса шуьгара яьккхинчух? Аса Тите шу долчу вахар дийхира, цуьнца цхьаьна динан вежарех цхьаъ вохуьйтуш. Шуьгара хІумма а схьаийцирий цо? Дийриг цхьана синехула деш дацара оха, цхьана новкъахула лелаш дацара тхо? Сайна совгІаташ дайтар ца лоьху аса. Мелхо а аша динчу дикачу гІуллакхийн кехатна тІе кхин а хІуманаш дІаяздина хилар лоьху ас.
Выбор основного перевода