Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
ХІунда аьлча Цуьнгахула хилла шу массо а агІор хьал долуш – аша мел олучу дашца а, шун мел болчу кхетамца а. ХІунда аьлча Халайн цІерачаьргахула суна хааделла, сан динан вежарий, шуна юкъахь къийсамаш хилар. ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинчуьнца долчу дахарехь шун итт эзар верас велахь а, шу цу дахаре даьхна болу дай дукха бац шун. Ткъа хаза кхаъ шуьга кхайкхорехула Дала леррина Къобалвинчуьнца шун да хилла сох. Шаьш баккхий баланаш хьоьгуш боллушехь, цу тобанийн доккха хазахетар а, йоккха къоьлла а хьалдолчу комаьршалле делира. Ткъа шун кхиамаш алсамбуьйлу тешарехь а, дашехь а, кхетамехь а, даггара хиларехь а, шайн тхоьга болчу безамехь а. Массо а оцу гІуллакхашца шу тІехдуьйлуш хиларе терра, шаьш дечу оцу дикачу гІуллакхна тІехь а тІехдовлуш хуьлийла шу.
Выбор основного перевода