Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Адамийн тоба, шена и хІума гича, чІогІа кхера а елла, Далла хастамаш бан йолаелира, Цо адамашна оццул чІогІа бакъо яларна. Аса Деле доьху, ЯхІуд-махкахь Іийсах ца тешачарах со ларвар а, Ярушалаймехь болчу Делан нахана ас до гІуллакх тамехь хилийтар а. Дала леррина Къобалвинчух болу хаза кхаъ дІакхайкхо Троя-гІала со веанчу хенахь, Везачу Эло суна цигахь къахьега неІ дІайиллира. цара чІогІа дийхира тхоьга, шайна там хилийтархьама, Ярушалаймехь болчу Делан нахана дан леринчу дикачу гІуллакхехь шайга а дакъалацийтахьара бохуш. Тхайна билгалдаьккхинчу дозанел тІех ца девлира тхо, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна болу хаза кхаъ шуьга дІа а кхайкхош, шу долчу тхаьш кхаьчча. ТІаккха шу долчохь кхайкхийна ца Іаш, шуна генахь болчу кхечу мехкашкахь а кхайкхо йиш хир ю тхан хаза кхаъ. Цу тайпана, кхечу цхьаннан дозанашкахь динчу гІуллакхех дозалла дийр дац оха. ТІаккха суна стигална юккъехула тІемадаьлла доьду кхин а цхьа малик гира. Цуьнгахь даим болу хаза кхаъ бара, иза Лаьттахь бехаш болчу массарна а баийтина бара, хІора къомана а, тайпанна а, маттана а, халкъана а дІакхайкхорхьама.
Выбор основного перевода