Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Фессалоникийцам
1 2 3
Параллельные места
«Хьан динан вашас хьуна дуьхьал къа латадахь, ваха а гІой, шаьшшиъ волчохь шегара даьллачух иза кхетаве. Цо хьоьга ладогІахь, тІаккха ахьа цунах юха а хьайн динан ваша во. Амма цо хьоьга ла ца догІахь, хьайца цхьаъ я шиъ стаг валаве, хІунда аьлча Йозанаша ма-бохху: „ХІорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула чІагІдийр ду“. Цо цаьрга а ла ца догІахь, динан гуламе дІадийца. Цо цаьрга а ла ца догІахь, кхечу къаьмнех болчу нахаца я ял схьагулъеш болчаьрца санна, юкъаметтиг лелае цуьнца. Динан вежарий, аса чІогІа доьху шуьга, ларлолаш шу декъадалийта а, галдовлийта а гІертачарех. Букъ берзабелаш шуна бевзинчу хьехамашна дуьхьал харц хьехамаш бечарна. Веза Эла волчу Іийсан дуьхьа шу цхьаьна гулделлачу хенахь, сан са а хир ду шуьца, тІаккха вайн Веза Эла волчу Іийсан олаллица Ткъа аса шуьга яздинарг хІара дара: ша шун динан ваша ву а бохуш, амма я сийсаза лелаш, я сутара волуш, я цІушна Іамал еш, я мотт бетташ, я вехна лелаш, я хьарамло лелош иза велахь, шун цуьнца тІекаре хила ца еза бохург. Ишттачу стагаца ур-атталла пхьор а ма даа.
2. Фессалоникийцам
1 2 3
Выбор основного перевода