Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Фессалоникийцам
1 2 3
Параллельные места
Оцу хенахь БоІаз Байтлахамера кха тІе веара. Иза маьрсахошка вистхилира: «Везачу Эло гІо дойла шуна!» – аьлла. «Везачу Эло декъала войла хьо а!» – аьлла, дуьхьал бистхилира вуьш. Машар буьту Ас шуна, Сайн машар ло Ас шуна. Дуьнено ца луччу тайпана, машар ло Ас шуна. Синтем боцуш ма хуьлийла шун дегнаш, кхера а ма лойла уьш. Вайна синпаргІато луш волу Дела хуьлийла шуьца массаьрца а. Амин. Соьгара шайна Іеминарг, дІаэцнарг, хезнарг, гинарг кхочушделаш. ТІаккха синпаргІатонан хьоста долу Дела шуьца хир ву. Вайн синна паргІато луш волчу Дала Ша цІан а дина, массо а агІор Ша санна дойла вай. Цо шун са а, дог а, дегІ а Веза Эла волу Дала леррина къобалвина Іийса вогІучу хенахь дуьззина къинойх цІена латтадойла.
2. Фессалоникийцам
1 2 3
Выбор основного перевода