Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Фессалоникийцам
1 2 3
Параллельные места
Шен лаьтта тІехь къахьоьгучун шортта таро хир ю, ткъа эрна хІуманаш а лелош, хан йойуш верг хьекъал доцу стаг ву. Кхин а чІогІа доьху шуьга, динан вежарий, малончаш кхетабелаш, тийна-эсалчеран дог эцалаш, гІийлачарна гІо делаш, доккха собар долуш хилалаш массаьрца а. Оцу хьехамашна тІера дІа а бевлла, цхьаберш, даьссачу хабаршкахьа а бирзина, галбевлла. Цул совнаха, мукъа хила а, хьошалгІа эха а Іема уьш. Ткъа мукъа хилла а ца Іаш, эладитанаш а дуьйцуш, массо а хІуманна юкъа а гІерташ, хьашт мел доцург а дуьйцуш, лела уьш. Стаг вийнарг, я къу, я зуламхо, я мотт тоьхнарг а хилла, таІзар ловш ма хуьлийла шух цхьа а.
2. Фессалоникийцам
1 2 3
Выбор основного перевода