Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Фессалоникийцам
1 2 3
Параллельные места
Цо цаьрга а ла ца догІахь, динан гуламе дІадийца. Цо цаьрга а ла ца догІахь, кхечу къаьмнех болчу нахаца я ял схьагулъеш болчаьрца санна, юкъаметтиг лелае цуьнца. Аса сайн кехата тІехь, сийсаза лелачаьрца тІекаре ма хила аьлла, яздинера шуьга. Ткъа аса шуьга яздинарг хІара дара: ша шун динан ваша ву а бохуш, амма я сийсаза лелаш, я сутара волуш, я цІушна Іамал еш, я мотт бетташ, я вехна лелаш, я хьарамло лелош иза велахь, шун цуьнца тІекаре хила ца еза бохург. Ишттачу стагаца ур-атталла пхьор а ма даа. Іийсах тешар доцучаьрца цхьана дукъа кІел ма лелийша. ХІун юкъаметтиг ю те бакъдолчунна а, харцдолчунна а юкъахь? ХІун уьйр ю те серлонна а, боданна а юкъахь? ХІун барт бу те Дала леррина Къобалвинчунна а, иблисана а юкъахь? ХІун цхьаалла ю те тешаш волчунна а, тешаш воцчунна а юкъахь? ХІун цхьаьнадогІург ду те Делан цІенна а, цІушна а юкъахь? Тхо дийна волчу Делан цІа ма ду! Дала Ша ма-аьлла: «Царна юкъахь вехар ву Со, уьш болчохь лелар ву Со. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду». Цундела Везачу Эло боху: «Царна юкъара дІа а довлий, царах дІакъасталаш. Суна хьалха боьха долчу хІуманах ма хьакхалойша, тІаккха Аса тІеоьцур ду шу». Динан вежарий! Вайн Веза Эла волчу а, Дала леррина къобалвинчу а Іийсан цІарах весет до оха, аша тхоьгара тІеэцначу Делан хьехамашца а ца лелаш, мало йолуш волчу муьлххачу а динан веших дІакъаста аьлла. Цхьаболчара харц хьехамаш дІасабаржабо. Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан хьекъале долчу дешнашна реза ца хуьлу уьш. Іийсах тешарг муха лела веза боху хьехам а тІе ца оьцу цара. Ишттачарна даг чу куралла йоьссина. Царна хІумма а ца хаьа. Къовсабаларан а, дашах лаьцна къийсаме къамелаш даран а цамгар кхетта бу уьш. Ишттачух долало хьагІ хилар, девнаш дахар, вовшашна лер, мекара шеконаш хилар. Хьекъалх телхинчу нахана юкъахь хуьлу и къийсарш. Билггал бакъдолчунна гена бу уьш. Динах шайна цхьа са ер ю моьтту царна. Баккъалла а, суьпа хиларх вайна йоккха са йолу, нагахь санна вайн долуш долчунна вай реза хилахь. ХІунда аьлча кху дуьнен чу вай цхьа а хІума ца деана, гуш ду-кх цхьа а хІума кху дуьнен чуьра вайга дІадахьалург ца хилар а. Юург а, тІеюхург а вешан хилча, тоам бан беза вай. Шайн хьал совдаккха луурш зуьйш ма бу. Дукха сонтачу а, зуламечу а лаамийн речІано лоцу уьш. Оцу хІуманаша уьш дакъаза а боху, хІаллак а бо. Массо а тайпана вочу хІуманан орам – ахчанна сутара хилар ду. Ахчанна тІаьхьа а бевлла, дукхахберш динах дІабирзира. Цундела шаьш-шайга баккхий баланаш хьоьгуьйту цара. Хьо-м Делан стаг вай, Тимапи. Оцу вочу хІуманех къахкалахь. Делан лаамехь хилар, суьпа хилар, тешар, безам, собар, эсала хилар лахалахь.
2. Фессалоникийцам
1 2 3
Выбор основного перевода