Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Къуша Неран кІант вара. Къушин кІант вара Шаул. ЯхІуната а, МалкишаІ а, Абинадаб а, ЭшбаІал а Шаулан кІентий бара. ЯхІунатин кІант вара Мариб-БаІал. Ткъа Мариб-БаІалан кІант вара Мика. Микин кІентий бара: Питун, Малик, ТахьраІ, Ахьаз. Ахьазан кІант вара ЯІари. ЯІарин кІентий бара Іаламат, Іазмават, Зимари. Зимарин кІант вара Муца. Муцин кІант вара БинІа. БинІин кІант вара Рапи-ЯхІу. Рапи-ЯхІун кІант вара ЭлиІаса. Ацала ЭлиІасан кІант вара. Ацалин ялх кІант вара. Церан цІераш хІорш яра: Іазрикхам, Бохру, ИсмаьІал, ШаІар-ЯхІу, Іабди-ЯхІу, Хьанан. Уьш Ацалин кІентий бара. Къуша Бен-Яманан тайпанах схьаваьлла хилла. Иза ша Абуалан кІант хилла, ткъа Абуал Царарин кІант хилла. Царар – Бахрутин кІант, ткъа Бахрути бен-яманхо волчу Апахьин кІант хилла. Ткъа Къуша ша махкахь цІе яхана стаг хилла. Шаулан да Къуша а, Абунаран да Нер а Абуалан кІентий бара. Шаулна а, цуьнан кІенташна а тІаьхьа а бевлла, пІелаштамхоша цуьнан кІентий ЯхІуната а, Абинадаб а, МалкишаІ а байира. ТІаккха пІелаштамхой Шаул-паччахьна а, цуьнан кІенташна а тІаьхьабевлира. Цу тІамехь цара вийра Шаулан кІентех кхо кІант: ЯхІуната, Абинадаб, МалкишаІ.
Выбор основного перевода