Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Бен-Яманан тІаьхьенан гаранаш иштта дара: БулаІах бевллера булаІхой. Ашбелих – ашбелихой, Ахьирамах – ахьирамхой, Шапу-Памах бевллера шапумхой, Хьупамах – хьупамхой. БулаІан кІентий бара: Арди, НаІаман. Ардих бевллера ардихой, НаІаманах – наІаманхой. Бен-Яманан кхо кІант вара: БулаІ, Бахри, ЕдиІаал. БулаІан пхи кІант вара: Эцбон, Іузи, Іузиал, Еримати, Іири. Уьш, шайн доьзалийн баьччанаш а болуш, дика тІемалой бара. ТІаьхьенийн доьзалш дІаязбечу тептарш тІехь царах дІаязвина вара ткъе ши эзар ткъе вейтта тІемало (22034). Бахрин кІентий хІорш бара: Замари, Юаш, ЭлиІазар, ЭлъюІинай, Іумари, Еримати, Аби-ЯхІу, Іанатот, Іаламат. Уьш берриш а Бахрин кІентий бара. Бен-Яманан кІентий бара: БулаІ, Бахри, Ашбели, Гери, НаІаман, Аьхьи, Рош, Мупим, Хьупим, Арди.
Выбор основного перевода