Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Бен-Яманан кІентий бара: БулаІ, Бахри, Ашбели, Гери, НаІаман, Аьхьи, Рош, Мупим, Хьупим, Арди. Бен-Яманан тІаьхьенан гаранаш иштта дара: БулаІах бевллера булаІхой. Ашбелих – ашбелихой, Ахьирамах – ахьирамхой, Шапу-Памах бевллера шапумхой, Хьупамах – хьупамхой. БулаІан кІентий бара: Арди, НаІаман. Ардих бевллера ардихой, НаІаманах – наІаманхой. Иштта дара Бен-Яманан тІаьхье шен гаранашца. Уьш, багарбича, шовзткъе пхи эзар ялх бІе стаг вара (45600). Бен-Яманан дуьххьарлера кІант вара БулаІ, шолгІаниг – Ашбели, ткъа кхозлагІниг – Ахьарахьи. Цуьнан воьалгІа кІант вара Нухьа, пхоьалгІаниг – Рапа. БулаІан кІентий хІорш бара: Адар, Гери, АбихІуд, АбишуІ, НаІаман, Ахьохь, Гери, Шапупан, Хьурам. Ахьудан тІаьхье хІара яра (ГибаІ-гІалара Манахьат-гІала дІабигна болчу доьзалийн баьччанаш бара уьш): НаІаман, АхьъяхІу, Гери. Гери ву уьш кхечу гІала баха дІабигина хилларг. Герин кІентий бара Іузи а, АхьъяхІуд а. Хьушим а, БаІарат а цІераш йолу шен зударий дІа а бахийтина, Муаби-махкахь вехаш вара Шахьарайм. Цу хенахь цуьнан кІентий хилира. Иштта цуьнан зудчо Хьудаша бира кІентий: Ябаб, Цивъя, МешаІ, Малкам, ЯІуца, Шахи-ЯхІу, Мирами. Уьш доьзалийн баьччанаш хилла болу Шахьарайман кІентий бара. Хьушима цунна бина кІентий хІорш бара: Абитуб, Эли-ПаІал. Эли-ПаІалан кІентий хІорш бара: Іебар, МишиІам, Шемад. Шемада дІахІоттийра Овну а, Лодди а гІаланаш а, цаьрца йоьзна йолу ярташ а. Иштта БериІ а, ШемаІ а Айлон-гІаларчу бахархойн доьзалийн баьччанаш бара. Цара Гати-гІалара бахархой дІалелхийнера. Ахьъю, Шашакх, Еримати, Забди-ЯхІу, Іарод, Іедар, Микаал, Ишпа, Йохьа – уьш берриш а БериІан кІентий бара. Забди-ЯхІу, Машулим, Хьузакх, Хьебар, Ишмарай, Изли-ЯхІу, Ябаб – Эли-ПаІалан кІентий бара. Якъим, Зикра, Завади, Эли-Іенай, Цилтай, Элиал, Іади-ЯхІу, Бира-ЯхІу, Шимрати бара ШамаІин кІентий. Ишпани, Іебар, Элиал, Іабдани, Зикра, Хьанан, Хьанан-ЯхІу, Іейлам, Іантут-ЯхІу, Ипад-ЯхІу, Пенуал бара Шашакхан кІентий. Шамширай, Шахьар-ЯхІу, Іатал-ЯхІу, ЯІриш-ЯхІу, Эли-ЯхІу, Зикра бара Ярохьаман кІентий. Уьш, шайн доьзалийн баьччанаш а болуш, тукхамийн цІераш дІаязъеш долчу тептаршка хьаьжжина, куьйгалхой бара. Ярушалаймехь бехаш бара уьш. Ткъа ГавІон-гІалахь вехаш вара ГавІон-гІала дІахІоттийна волу ЯІиал. Цуьнан зудчун цІе МаІха яра. ЯІиалан дуьххьарлера кІант Іабдани вара. Цул тІаьхьа хилира Цура, Къуша, БаІал, Нер, Надаб, Гадур, Ахьъю, Захир, Микхлут. Микхлутан кІант вара Шема. Уьш шайн вежаршна уллохь Ярушалаймехь бехаш бара. Къуша Неран кІант вара. Къушин кІант вара Шаул. ЯхІуната а, МалкишаІ а, Абинадаб а, ЭшбаІал а бара Шаулан кІентий. ЯхІунатин кІант вара Мариб-БаІал. Ткъа Мариб-БаІалан кІант вара Мика. Микин кІентий хІорш бара: Питун, Малик, ТаираІ, Ахьаз. ЯхІу-Іада Ахьазан кІант вара. ЯхІу-Іадин кІентий бара Іаламат, Іазмават, Зимари. Зимарин кІант вара Муца. Муцин кІант вара БинІа. Цуьнан кІант вара Репа. Репин кІант вара ЭлиІаса. Ацала ЭлиІасан кІант вара. Ацалин ялх кІант вара. Церан цІераш хІорш яра: Іазрикхам, Бохру, ИсмаьІал, ШаІар-ЯхІу, Іабди-ЯхІу, Хьанан. Уьш берриш а Ацалин кІентий бара. Ацалин вешин Іешакхан кІентий хІорш бара: дуьххьарлера кІант Улам, шолгІаниг ЕІуш, ткъа кхозлагІниг Эли-Пулат. Уламан кІентий, секхаІодаца пхерчий а кхуьссуш, дика тІемалой бара. Церан дуккха а кІентий а, кІентийн кІентий а хилира. Уьш цхьа бІе шовзткъе итт стаг вара. Кхузахь дІаязбина болу берриш а Бен-Яманан тІаьхьенах схьабевллера.
Выбор основного перевода